Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Январь
2018

Новости за 20.01.2018

Элдиева Марет. Нана ю йоьлхуш

Radiomarsho.com 

ЭЛДИЕВА Марет Нана ю йоьлхуш Цкъа а ца хиллачу кепара тийна дара маршрутки чохь. Суна уллехь хиъна йоккха стаг яра. ХIокху чохь а йоцуш санна, ойла-не а яьлла Iара и. "Первый линехь сацаелахь", "Второй линехь сацаелахь", – олуш хезара кест-кестта. Сарахь балхара а, база-рара а цIа боьлху зударий охьабиссош, цIе яьллачу орцах йоьдуш санна, сиха йогIура маршрутка. Арахь Iаржъеллера. Сайна юххехь хиъна Iачу зудчуьн тидам беш, со а Iара. Ма генахь яра иза хIокху дуьненна! Йовлакхана чухула хаало ал чухта басаяьлла хеталора. Читать дальше...

ГIалгIайчоьнан прокуроро шен тергоне эцна "Мемориална" цIетасаран гIуллакх

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчуьра "Мемориалан" офисах цIе тасаран хьокъехь бехкзуламан гIуллакх схьаделлар низамца догIуш ду аьлла махкарчу прокуратурано. Республикан прокуроро шен тергоне эцна и инцидент таллар аьлла, хаамбина прокуратуран прессано. "Билгаладьлла кхаарин буса 'ВАЗ-2107030' Iаьржачу басарчу машенахь тIевеанчу яххьаш лачкъийначу шина стага, шаьш дийриг а хууш, даккхий зенаш дархьама, шина гIатах лаьттачу Назранерчу гIишлонна герга вар.  Пенах лами а гIортийна, "Мемориало" лаьцначу хIусам чу а ваьлла, цIе тесна цушиммо", - аьлла бу хаам. Читать дальше...

Титиевн адвокатан хьокъехь талламбар юкъахдаьккхина

Radiomarsho.com 

Соьлж-ГIаларчу "Мемориалан" офисан куьйгалхочун Титиев Аюбан адвокатан Заикин Петран хьокъехь талламан барамаш юкъахбаьхна аьлла, хаамбина талламхочо цхьахволчу Титиевн адвокате. Бехкбиллинчун агIор теш тIе ца вар ду аьлла, довзийтина цуьнан бахьана а. Заикин Петрна иза тамашен хета. "Церан агIор теш схьа ца варо шеконаш йохкуьйту коьрте", - аьлла адвокато "Кавказ.Реалиига". Дагадоуьйту, пIераскандийнахь Куьрчала кхайкхира цIеххьана адвокат Заикин цхьацца талламаш бу бан безаш аьлла. Цо дийцира... Читать дальше...

Пакистанехь Маршо Радион болх сацийна

Radiomarsho.com 

Пакистанан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло Исламабадера шайн офис дIакъовлар новкъадеана Маршо Радиона. Талламчийн хьукматаша "Пакистанан интересашца цхьана ца йогIу" араюьйлу программаш аьлла, бехкаш дехкинчул тIаьхьа бина Радион офис дIакъовла сацам. Оцу хьокъехь Маьрша Европа Радион президенто Кент Томаса дIахьедина, "Радио Mashaal" (пуштун маттахь Маршо) кхи дIа болх беш хир яц аьлла. "Тхан журналисташ – Пакистанан бахархой, шайн пачхьалкхана тешаме бу, оцу шаьш хаамаш Iорабохучу меттигашкахь бехаш а, шайн доьзалш кхиош а бу уьш. Читать дальше...

Оьрсийчоьнан 400 атлет витина 2018-чу шеран Олимпиаде

Radiomarsho.com 

Пхенчханехь хиндолчу Олимпан Iаьнан ловзаршкахь дакъалаца таро ю 400 гергга оьрсийн атлетийн. 500 спортхочух лаьтта тептар лахдина Дуьненаюкъарчу олимпикан комитето (МОК) . Оцу юкъанна цкъачунна билггал хууш дац, Оьрсийчоьнан спорхойх мила гIур ву Олимпиаде. Кху беттан 27-чохь масех талам бинчул тIаьхьа зорбане йохур ю Пхенчхане боьлхучийн цIераш, яздо МОК-ан сайтехь. Байначу беттан 5-чу дийнахь Дуьненаюкъарчу олимпикан комитето Оьрсийчоьнан вовшахтоьхна тоба юхатеттинера Къилбаседа Корейхь дIахьочу... Читать дальше...

Австрихошца цхьаьна талорш динчу нохчочунна кхел йина

Radiomarsho.com 

Залцбург гIалахь дов хаьттира австрихошца тобанахь талораш дар бахьанца лаьцначу нохчийн кхиазхочунна. 17 шо долу жимстаг бехке вора бархI стагах лаьттачу бандин могIаршлахь кафеш чохь а, газеташ духкучу киоскашкахь а къоланаш дарна а, долахошна кхерамаш а туьйсуш, цаьргара ахчанаш дахарна а. Пхи австрихо а, ши овхIанхо а, цхьа нохчо а хилла талорхойн тобанна юккъехь, талламхоша чIагIдарехь. 16 шарера 18 шаре кхаччалц хенаш йолуш бу уьш. Даханчу шеран аьхка дуьйна буьйлабелла хилла уьш къоланаш дан. Читать дальше...

Кадыров: Iамеркан Iедал кIажбухе дахийтина, хIай - хIай!

Radiomarsho.com 

Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн министрийн кабинет ханна болх бечуьра сацарна комментари йина Кадыров Рамзана. "Iамеркан министрий кабинетан болх сецна. Ахча дац. Гергарчу Малхбалехула ОвхIанистанехь, Иракъехь, Шемахь, Ливехь цIий а Iенош, дуьне мел ду нехан гIуллакхашна юкъа а гIерташ, шайн Iедал кIажбухе кхачийна. ХIай-хIай!", - аьлла, яздина Кадыровс Твиттерехь. Шоьтан буса Iамеркан урхалло шен болх сацийна ахча цатоарна. Пачхьалкхан хьукматашна лерина ахча дехьадаккхаран керла низаман проект тIеэцарехь республиканхойн а... Читать дальше...

Нохчийн доьзална депортаци ца яйта арабевлла австрихой

Radiomarsho.com 

Ялх стагах лаьтташ болу ТикаевгIеран доьзал Австрера депортацина кечбина, Венерчу аэропортана уллерчу контейнерех йинчу кхерча дIабигна полисхоша. Муьлхачу а мIаьргонехь кеманна чу а ховшийна Оьрсийчу дIахьовсон мегаш бу уьш. Ялх шо хьалха Австре кхаьчна болчу ТикаевгIеран тховкIелонах долчу дехарна негативе жоп делла Iедало. Вуно дика интеграци а йина, ишколехь дика доьшуш бераш а долу доьзал и бахьана долуш махкал арабоккхуш бу. ТикаевгIарна депортаци ца яйта акци йолийна Австрехь бевзаш болчу юкъараллин жигархоша а... Читать дальше...



Mylistory социалан машане 100 эзар стаг язвелла

Radiomarsho.com 

Mylistory кхоьллинчу Эсханов Мохьмада дIахьедина, хIинцале а Инстаграман аналоган агIонашкахь 100 эзар стага аккаунташ йиллина аьлла. 10 шарахь 8 оьрсийн говзанчаша болх беш бу аьлла Эсхановс Mylistory программана тIехь. "ТIейогIучу хенахь цуьнах пайдаоьцучарна кхи а аьттонаш бан Iалашо ю тхан цуьнца", боху Эсхановс. Цо бахарехь, Инстаграм тIаьхьайита тарло Mylistory-с. Нохчийчохь керла социалан маша кхолларх дIахаийтира дуьххьара Кадыров Рамзана байначу беттан тIаьххьарчу деношкахь, шен Инстаграмера а, Фейсбукера агIонаш дIакъевлича. Читать дальше...

Бомбанаш яр хьоьхуш материалаш карийна Интернетехь Нохчийчоьнан прокуратурана

Radiomarsho.com 

ЦIахь болчу гIирсаца куьйга бомбанаш яр гойту ши сайт хааелла Нохчийчоьнан прокуратурана Интернетехь. Оцу материалашна тIе боьлху некъаш дехкар тIедожийна цара кхелана. "Теракташ ян Iалашонца пайдаэца тарло оцу инструкцех. Цул совнах, цу кепара информаци терроризмна пропаганда еш санна лору", - аьлла "Кавказан узел" агенталле прокуратуран векало. Цо бахарехь, Соьлж-ГIаларчу кхеле искаш дIахьажийна пIераскандийнахь. Цара шайн таллам бинчул тIаьхьа интернет-провайдерша блок хIоттор ю оцу материалашна.

Мэй Тереза: Евроберта юкъара довларх, Европа дIатосуш яц оха

Radiomarsho.com 

Европерчу политикийн Евроберта юкъара ца довлар хьехар тIе ца дитина Британин премьер-минитсро Мэй Терезас. "Брекзитан" шолгIа референдум хир яц аьлла, дIакхайкхийна цо, шоьтадийнахь немцойн Bild газете. Вовшахтоьхначу Паччахьаллин парламенто шен бахархошна бакъо йитира къастам бан, шайн харжам цара бина аьлла, билгалдаьккхина  премьер-министро. Лондоно юкъарлонаш лелор ду европахошца тIеман а, кхерамзаллан а, кхечу а дакъошкахь. "Евроберта юкъара тхо дволарх, оха дIатосуш яц Европа", - аьлла Мэйс. Читать дальше...

Умаров: Нохчийчохь тоталитаран раж яц

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан зорбан министро Умаров Джамбулата "Нохчийчоь Тахана" агенталлана дийцина, мехкан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца, шен Москох Оьрсийчоьнан гIаланашкахь бехачу нохчийн векалшца хиллачу цхьанакхетарх. "Оха дийцаредира пачхьалкхехь къаьмнашца юкъаметтигаш ларъеш, вовшашца бертахь хила дезарх, хIунда аьлча, Кадыровн некъа тIехь оцу мехаллаша латтош бу бух", - аьлла министро. Иштта хаамийн гIирсашкахь Нохчийчохь бакъонаш хьоьшуш ю бохуш яьржинчу информацех а вистхилла Умаров. Читать дальше...

"Буьйсанан берзалойн" лидерна совгIат дина Кадыровс

Radiomarsho.com 

"Буьйсанан берзалой" мотоклубан лидерна Залдостанов Александрна ("Хирург") Кадыров Ахьмадан цIарах мидал  елла. Mylistory социалан машанехь бина и хаам Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Цо бахарехь, "уггар халачу меттиге дуьххьара кхочу иза, шен хетарг массарна а довзийта". Оцу хаамца Оьрсийчоьнан массо а байкерна а, "Хирурган" доттагIашна а хазахетар дан лаьа шена аьлла мехкан куьйгалхочо. "Дуккха а шераш ду оха доттагIалла лело, аьтто баьлча Нохчийчоьнан некъаш тIехула мотоклубан декъашхошца хехка а ло тхо"... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Даниил Медведев

Чех Легечка пожелал здоровья россиянину Медведеву, который снялся с их матча






Эксперт в области культуры, искусства и моды Елена Шерипова: как привить детям любовь к выставкам и театрам

Правда ли, что антисемиты выгнали советского писателя Алексина в Израиль?

Термы: Здоровый отдых не за морями

Психолог объяснила, как смотреть с детьми кино о войне, чтобы не травмировать их психику