Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Январь
2018

ГIалгIайчохь герзаш диттина вийна 40 шо долу стаг

0
Назранан кIоштарчу Плиевохь оршоьтан суьйранна шен машенчохь герз диттина карийна 40 шо долу ГIалгIайчоьнан вахархо. Цуьнан дегIаца герзо йина масех чевнаш хилла. Дарбан хIусаме дIавига кечвечу хенахь кхелхина иза.


Бехкзуламан гIуллакх долийна, талламаш бу дIахьош оцу инцидентна гонах. Вийначу цхьана полисхочун гергарчара чIир екхна хила тарло аьлла яздо "Интерфаксо".


"Кавказ.Реалии" портале ГIалгIайчоьнан Талламан комитетан векало бинчу хаамца, хиллачух масех верси юьхьарлаьцна, толлуш бу.


"Интерфаксан" хьостано дийцарца, вийнарг шо хьалха Магасехь цхьана доьзалехь иккхинчу конфликтан декъахь хилла вара. Полисхой а бара цу доьвнна юкъахь. ХIетахь, къаьстачу зудчун а, майрачун а гергарнаш гулбелла, бахам цушинна юкъахь боькъучу хенахь, дов иккхича, герз тоьхна цхьа полисхо вийнера, 4 стагана чевнаш йинера, шайлахь шиъ полисхо а волуш.


 



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса