Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Январь
2018

Нохчийчохь полисхоша харцонаш лелош яц аьлла чоьхьарчу гIуллакхийн министро

0
Нохчийчохь полисхоша тIеIаткъам а беш, наркотикаш лелош ду шаьш бохуш, бехкаш тIе а оьцуьйтуш, кегийрхошна дуьхьал зуламан гIуллакхаш доху аьлла, Republic сайто яздийриг харцдина Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло. "Новости" агенталло бо и хаам.


Шинарийндийнахь Оьрсийчоьнан сайто наркотикашна дуьхьал гIаттийначу кампанехь, полицино харцонца бехкзуламан гIуллакхаш а доьллуш, лецначарна тIехь къизаллаш лелайо, боцу бехк тIелацийтархьама аьлла, Republic онлайн-журнало шаьш бина талламаш Iорабаьхна.


Доккхачу декъанна цу рапортехь вуьйцуш ву МежидовгIеран ши ваша- Мохьмад-Iела а, Мохьмад-Сиддикъ а. Наркотикаш лелош, юхкуш хилла аьлла, бехк тIелацийтина цушинга полисхоша, тIехь ницкъ а бина.


Чоьхьарчу гIуллакхийн министралло дIахьедарца, МежидовгIеран арз луьстуш бинчу талламашкахь ницкъахоша низамашца догIуш доцург лелийна меттигаш карийна бац.


 


 



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса