Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Январь
2018

Freedom House: Маршонан тIегIа лахлуш ю дуьненчохь

0
ТIаьххьарчу 12 шерашкахь маршонан тIегIа саццаза лахлуш яра дуьненчохь. ХIора шарахь арахоьцучу шайн рапортехь Freedom House цIе йолчу дуьненаюкъарчу бакъонашларъяран организацино 195 пачхьалкхашкара бахрахойн а, политикан а хьал теллинчул тIаьхьа бина и хаам.


"2018-чу шарахь дуьненчуьра маршо: демократин кризис" цIе тиллинчу талламехь билгалдоккху, 195 пачхьалкхашлахь 88 -ммо (45 процент) ала мегар ду шаьш маьрша хиларх.


58 пачхьалкхерчу (30 процент) бахархоша дуьззина маьрша ду шаьш ала тарлац.


Ткъа 49 (25 процент)  - маьрша бац. Ю царлахь Азербайджан, Белорусси, Казахстан, Оьрсийчоь, Туркмени, Узбекистан.


ТIаьххьарчу иттанашкахь шерашкахь демократи къоьлла ловш ю Freedom House организацин президентна Абрамовиц Майклна хетарехь.


Доллу дуьненахь а кхераман гурашкахь ду маьрша, нийсонца харжамаш дIабахьар а, дешан маьршо а, низамаш лардар а аьлла Абрамовица.


Рапортан авторшна хетарехь, Оьрсийчоьнан политикано хьалха санна кхерам латтабо адамийн а, политикан а маршонашна.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса