Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Январь
2018

Талламан комитето кхи дIа а лохур ву Бакаев Зеламха

0
Нохчийчуьрчу Талламан комитето Соьлж-ГIалахь вайначу Бакаев Зеламхан хьокъехь бехкхуламан гIуллакх кхи дIа а толлур ду шаьш аьлла, мехкан куьйгалхочо телевизионан эфирехь, иза вийна хила тарло аьлла, дIахьедар динчул тIаьхьа.


Дахначу шеран 17-чу дийнахь полисхойн декъе шен вайначу кIантах хаамбинера цуьнан нанас Бакаева Маликас. Бутт баьллачул тIаьхьа мехкан прокуратурано талламаш болабар тIедожийра Бакаевн дIаварах.


Доьза вайначу Бакаевн, болчу хаамашца, бехкзуламан гIуллакх диллина Лахьан-беттан 22-чохь. КIант вайначу кху 5 баттахь цхьана а кепара хаам ца кхаьчна цуьнгара гергарчаьрга.


Ницкъаллийн структурийн белхахошца хиллачу къамелехь Кадыровс чIагIонаш йо, иллиалархочух шайн волучарна хууш хиларх, амма цхьаммо а тIелоцуш цахиларх информаци Iораяккха.


 


 


 



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса