Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Январь
2018

Германерчу нохчийн доьзалера бер дIадаьккхина Iедало

0
Немцойн Гоьттинген гIаларчу нохчийн доьзалера 7 бутт кхаьчна бер кхелхина кIира хьалха. Маршо Радион информацица, жимачу кIентан  валар цIеххьана  хилла. Цуьнан валаран хьелаш толлуш ду Iедал.


Бер кхалхаран бахьанаш билгалдаьхна довллалц цу доьзалера 3 шо кхаьчна йоI берашна Iуналла даран хьукмато дIайигна, дех-ненах а къастийна.


Интернетехула махкахошка орца дехаран кхайкхам  баржийначу дас-нанас яздо, шайн жима кIант лоьрийн гIалат бахьана долуш кхелхина хила мега, бохуш. Церан шеко ю, лоьраша шайн бехк къайлабаккхархьама дас-нанас берана кхоччуш Iуналла ца дина аьлла, бехк шайна тIетатта гIертий-те, аьлла.


"Хила там болуш долу лоьрийн гIалат гучудаларна кхерабеллачу лоьраша тхо бехке дан сацам бина, тхо тхайн доьзалхочуьнга ледар хьовсуш а, цунна ницкъ беш а хилла аьлла. И бахьана долуш Гоьттинген гIалин югендамто тешнабехкаца тхоьгара тхан цхьаъ бен йоцу йоI дIаяьккхина", - бохуш яздо цара шайн хаамехь.


Германехь нагахь санна бер цIеххьана кхелхинехь я иза кхалхаран бахьанаш шеконе делахь, социалан хьукмато цу доьзалера бераш цхьана ханна Iедалан куьйгакIела доху, таллам бирзина баллалца.


Цул совнаха, дукхахчу хьелашкахь хиллачун бехке ден-ненан ледардо юй толлуш, царна дуьхьал бехкталламан гIуллакх схьа а доьллу.


Бакъду, доккхачу декъехь талламаш дIабирзинчул тIаьхьа ден-ненан бехк ца хилар къастахь, и гIуллакх дIа а къовлий, бераш доьзале юхадерзадо.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса