Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Январь
2018

35 нохчо Оьрсийчу дIахьажийна Германин а, Австрин а Iедалша

0
Венерчу кеманийн портахь, лерина чартеран рейс а лаьцна,  Москох дIахьажийна 35 Нохчийчуьра мухIажир. Царна юккъехь дукхах дерш берхIитта шо кхачаза бераш ду. Немцойн, австрихойн урхаллаша цхьаьана дIаяхьна ю и операци.


ТIаьхьарчу масех кIиранахь Австрера а, ткъа иштта Австрица доза долчу немцойн Бавари лаьттера а вовшахтоьхна бара и нах. Депортаци йиначарех 31 стаг Австрера ву, ткъа биснарш бу Германера. Маршо Радион информацица, уьш массо а цхьана бахьанца арабаьхна – церан политикан я гуманитаран тховкIелонах долу дехарш Iедало юхатохар. 


Германин а, Австрин а хьукматхоша шерашкахь цу нехан гIуллакхаш теллина даьлла ца хиларна цу мехкашкахь доьзалш кхиина нохчийн доьзалийн.


Цхьа а низам а ца дохош, дика интеграци йина болу мухIажираш Оьрсийчу дIахьовсорна дуьхьал бу меттигера бахархой. Шинарин сарахь Венерчу кеманийн портехь иттанаш юкъараллин жигархоша флэшмоб дIаяьхьира, адамаллица цхьаьна ца йогIу депортацеш совцае  аьлла.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса