Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Январь
2018

Титиев суьдо валор дехна цуьнан адвокато

0
Тахана Соьлж-ГIалахь кхелан кхеташо хила езаш яра Титиев Оюбан гIуллакхца йоьзна. Нохчийчоьнан Лаккхарчу суьдехь листа безаш бара бакъонашларъярхо лацар хьокъехь адвокаташа бина латкъам.  


Iуьйранна 11 сахьт даьлча кхелана хьалха гулбеллера "Гражданское содействие" комитетан куьйгалхо Ганнушкина Светалана а, «Мемориал» вовшахтохараллан кхеташонан куьйгалхо Орлов Олег а, «ДОШ» журналан журналисташ а, цхьамогIа корреспонденташ а, Титиевн гергарнаш а, хаам бо «Кавказский узело».


Амма Титиев а, цуьнан адвокат Тельхигов Султан а суьдехь воцуш вара. Титиевн агIонан векал вара адвокат Заикин Петр. Иза реза ца хилира, Титиев а воцуш, кхелехь дакъалаца. Заикинан дехарца кхелан кхеташо тIаьхьатеттина тахана 17 сахьт даллалц.


 



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса