Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Январь
2018

Умаров: Шеца цхьанакхета реза ца хиллачу Кадыровна бекхам бина Собчака

0
Нохчийчуьрчу зорбан министро Умаров Джамбулата а комментари йитина журналистан, президенатн харжамийн кандидат Собчак Ксения Нохчийчу ярах. Ша харжамийн кандидат а, Оьрсийчоьнан яхархо а хиларе терра, Собчакан бакъо ю шена луъучу яха аьлла Умаровс.


"Официалехь цхьаммо а кхайкхина еана яцара иза. Амма цуьнан бакъо ю пачхьалкхан мьулххачу а регионе яха, ша Оьрсийчоьнан президентан харжамийн кандидат хиларе терра а, пачхьалкхан яхархочун статусехь а хиларна. Пикетан хьесапехь цо йиначу дефилена нагахь меттигерчу бахархошлахь резабоцурш хиллехь, хIун дер, шоу хIотто иза говза хилар хууш ду, йоккха профессионал ю иза".


Умаровс бахарехь, шеца цхьанакхета реза ца хиллачу Кадыров Рамзанна бекхам бечу кепехь хIоттийна ю цо и пикет.


"Муьлххачу а демократин пачхьалкхехь цхьаболчу кандидаташна тIе хIоаш, торташ лестош меттигаш нислуш бу. Цхьадика кхузахь хIоаш ца лестийна. Могушалла латтайойла Собчакна, цуьнан къегинчу, импулсиван дахарехь аьттонаш хуьлийла цуьнан", - аьлла Умаров Джамбулата.


 



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса