Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Февраль
2018

Оьрсийчоьнан 28 спортхочунна тоьхна санкцеш юхаяьхна Лозаннан кхело

0
Антидопинган низамаш дохорна, Олимпан ловзаршка некъаш дихкинчу Оьрсийчоьнан 30 спортхочо чуеллачу апелляцех 28-нна жоп делла Лозаннерчу спортхойн арбитражан кхело. Оцу спортхошна дуьхьал яьхна санкцеш юхаяьхна, 2014-чу шарахь цара Сочехь Олимпиадехь гайтина жамIаш бакъонца хилар тIе а чIагIдеш. Кхелан сайте баьккхина и хаам.


Дуьненаюкъарчу олимпикан комитето Освалд Денисан комиссино Сочехь спортхоша допингаш лелийна я ца лелийна теллинчул тIаьхьа Оьрсийчоьнан спортхошна Олимпиаде бахка дуьхьало йинера.


Хьалхо дуьненаюкъарчу олимпикан комитето (МОК) Сочехь Олимпиадехь дакъалаьцна 43 Оьрсийчоьнан спортхо бехкевинера антидопинган низамаш талхорна, цара цигахь гайтина жамIаш а шеконашка а дохкуш.


Цул совнах, гуттаренна а Олимпан ловзаршка ца бита, сацам тIеэцнера.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса