Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Февраль
2018

Новости за 23.02.2018

Килсана дина тIелатар толлуш ши стаг лаьцна ГIизларахь

Radiomarsho.com 

ГIизларара ши вахархо лаьцна полисхоша, цу шиммо меттигерчу килсана тIелатар деш дакъалаьцна хилла хила мега аьлла шеко йолуш, хаам бина "Дождь" телеканало. Царах цхьанан стуннанас журналисташка дийцарехь, тIелатар динчул тIаьхьа шолгIачу дийнахь иза йолчу баьхкина хилла полисхой. Цу зудчо чIагIдарехь, полисхоша, цуьнан хIусаме наркотикаш а, граната а, патармаш а кхиссина, дIалаьцна цуьнан нуц Сагитов Мохьмад. Изза сурт хилла шайн кIант, 19 шо долу Гаджиев Мохьмадрасул, дIалоцуш а аьлла дийцина журналисташка цуьнан гергарчара. Читать дальше...

Шемарчу маслаIатах лаьцна резолюци юха йийцаре йир ю Кхерамазаллин Кхеташоно

Radiomarsho.com 

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан Кхерамазаллин Кхеташоно пIераскан дийнахь юха а йийцаре йир ю, Оьрсийчоьно вето а кхайкхийна юхатоьхна йолчу, Шемахь 30 денна лерина герзаш деттар сацош маслаIат дарца йоьзначу резолюцин проект. Швецино а, Кувейто а кечйинчу текстана тIехь жимма хийцамаш бина. Ша аьлча, герзаш деттар сацош маслаIат дар хьакхалур дац "Ал Кайдица" а, "Исламан пачхьалкхаца" а йоьзначу тIемалойн тобанех. Цкъачунна кхеташ дац керлачу проектана реза хир юй Оьрсийчоь. Хьалхо... Читать дальше...

Нохчийн гулам, ХIаагехь, Дуьненан трибунална хьалха

Radiomarsho.com 

Делкъан хан хиллале (Чиллан-беттан, 23-гIа де) ХIаагерчу Дуьненаюкъарчу трибунална гергахь гуламе хIиттина Европерчу нохчийн диаспорийн жигархой, Ичкерин хьалханчица Закаев Ахьмадца, цуьнан гIовсца Ибрагимов Сайд-Эмица цхьаьна. Коьрта Iалашо ю Трибуналан инарла прокуроре Оьрсийчоьно Нохчийчоьнна тIехь Iазап латторах долу арз дIакхачор.

Нохчийн гулам, Гаагехь, Дуьненан трибунална хьалха

Radiomarsho.com 

Делкъан хан хиллале (Чиллан-беттан, 23-гIа де) Гаагерчу Дуьненаюкъарчу трибунална гергахь гуламе хIиттина Европерчу нохчийн диаспорийн жигархой, Ичкерин хьалханчица Закаев Ахьмадца, цуьнан гIовсца Ибрагимов Сайд-Эмица цхьаьна. Коьрта Iалашо ю Трибуналан инарла прокуроре Оьрсийчоьно Нохчийчоьнна тIехь Iазап латторах долу арз дIакхачор.

Оьрсийчуьра къаьмнаш тахана маьрша хета Кадыровна

Radiomarsho.com 

Кхузаманахьлерчу Оьрсийчохь деха хIора къам маьрша ду боху Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, яздо Кавказ.Реалиино. Кадыровна хетарехь, нохчашца бина цхьа а тIом буста богIуш бац Сталин Иосифа йинчу репрессешца. Кадыровс чIагIдарехь, нохчийн къам дисина дин а, доьналла а, къонахалла а йолуш а, шен Даймохк безаш а хиларна.

Дуккха а пачхаьлкхашкахь дагалоцур ду вайнах махкахбаьхна де

Radiomarsho.com 

Нохчий а, гIалгIай а махкахбаьхна де дагалаца дагахь бу Европера а, Iамеркера а бахархой. Иштта, Кавказ.Реаллино дийцарехь, Чиллан-беттан 23-чу дийнахь нохчий цхьаьнакхеташ бу Францехь -- Парижехь а, Страсбургехь а, Нантехь а, Ниццехь а, Тулузехь а.  Вайнах бохийначу денна хьажийна мероприятеш хир ю Чиллан-беттан 23-чу дийнахь ХIаагехь (Нидерландаш), Берлинехь (Германи), Венехь (Австри), Ослохь (Норвеги), СтокхIолмехь (Швеци), Хелсинкехь (Финлянди), Тбилисехь (Гуьржийчоь), Истанбулехь (Туркойчоь)... Читать дальше...

Къам махкахдаьккхина де дагалоцур ду ГIалгIайчохь

Radiomarsho.com 

Дерриг а ГIалгIайчуьрчу маьждигашкахь доIанаш дийр ду 1944-чу шарахь депортацехь кхелхинчу нахана тIера, хаам бо "ГIалгIайчоь" газето. Цул сов, республикехь пIераскан дийнахь дIахьош ю гIалгIайн къам Сибрех дахийтина де дагалоцуш йолу мероприятеш. Коьрта митинг хир ю тахана делкъалтIаьхьа 2 сахь ах сахьт даьлча Несарарчу политикан репрессеш лайначу адамашна хьажийначу хIолламан хьалха.

Оьрсийчоьно юхатоьхна Шемахь маслаIат дарца йоьзна резолюци

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьно еарин сарахь юхатоьхна Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан Кхерамазаллин Кхеташоно Шемарчу хьолаца йоьзна тIеоьцуш хилла резолюци. Цу докeментаца а догIуш, цу махкахь герзаш деттар сацо дезаш дара 30 денна. Резолюци кечйинера Швецино а, Кувейто а. Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллехь волчу Оьрсийчоьнан векло Небензя Василийс и проект "долчуьнца йогIуш яц" аьлла. Хьалхо цу документана критика йинера Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министро Лавров Сергейс, маслаIат дийр... Читать дальше...

Даудов Мохьмада шега кадамаш бар доьху

Radiomarsho.com 

Латвин арахьарчу министралло "Магнитскийн тептаре" язвина 49 арахьара вахархо. Tвиттерехь министраллан куьйгалхочо Ринкевич Эдгара бина и хаам. Карладоккху оцу тептарехь Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а , парламентан спикер Даудов Мохьмад а, Талламан комитетан куьйгалхочун гIовс  Логунов Олег  а хилар. "Магнитскийн тептаран" авторшка Iиттаршца жоп делла Даудов Мохьмада. "Оцу хаамо дог дохийна, со карти тIе хьаьжира, стенга даха дихкина -те тхуна аьлла. Боккха эшам и хиларна,  ас мало ца йира пхи минот яйа... Читать дальше...

Шуна вевзий диъ шо долу "Iилманча"?

Radiomarsho.com 

Iабдуллас ша Iамийна шена абат. Нохчийн матте ца дерзало дешнаш а "элп алале" гочдо цо ненан матте! Маршо Радион махкарчу ладогIархоша яийтина хIара видео.


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Свентек стала первой полуфиналисткой турнира WTA-1000 в Мадриде






Shot: пожарный пострадал во время тушения пожара в цехе на востоке Москвы

Мостовой назвал фаворита в противостоянии ЦСКА и «Зенита»

Собрали братьям хлеб и воду: диаспора поддержала таджиков, которые прорываются в Россию

Парк Горького ждет обновление