Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Февраль
2018

Балхара дIабаьхна "Кавказ сегодня" порталан иттаннаш белхахой

0
"Кавказ сегодня" зорабанан гIирсан белхахойн терахь хаъал лахдина Чиллан-бутт болалуш, хаам бо "Кавказ.Реалиино". Иза проект ю Оьрсийчоьнан президентан Къилбаседа Кавказерчу федералан гонан векалаллин.


Болчу хаамца, балхара дIаваьккхина 40 стаг. Регионашкахь витина 4 корреспондент. Кавказ.Реалиин хьастано бинчу хаамца, инвесторша сацам бина и проект эвсара яц аьлла. И бахьана долуш ахча далар сацийна цара.


"Кавказ сегодня" олу хаамийн а, аналитикан а портал кхоьллинера, иза Къилбаседа Кавказехь уггаре а боккха хаамийн зорбанан гIирс хир бу аьлла. Цунна ахча мичара луш ду официалан кепара дуьйцуш дацара, амма лоруш дара иза дийраш Оьрсийчоьнан президентан Къилбаседа Кавказан федералан гонан Iедалхой бу аьлла.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса