Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Февраль
2018

Космосан кема хилла Маск Илонан Tesla Roadster машенах

0
Маск Илонан Space X компанино Марсана тIе хьажийна Tesla Roadster машен юкъатоьхна, NASA HОRIZONS олучу космосан кеманийн базина. Цуьнан цIе хир ю хIинца Tesla Roadster/Starman. NASA-н Малхан Системан Динамика олу тоба ю цу базана Iуналла деш.


NASA HОRIZONS базина иза юкъатухуш дIаяздина Tesla Roadster-ан тIехь ю скафандар йоьхна манекен а, Азимов Айзекан "Бух" цIе йолчу книган электронан вариант а, SpaceX компанин 6 эзар белхахочуьнан цIераш тIехь йолу у а аьлла. Кеманан йоьзалла ю 1250 кила.







Falcon 9 олу 3 ракета вовшахтесна кечйина йолу Falcon Heavy космосе хьажийна Флорида штатерчу Канаверал олучу меттера Чиллан-беттан 6-чу дийнахь.  SpaceX компанин куьйгалхочо Маск Илона бинчу хаамца, машен тIемаяьлла йоьдуш ю астероидийн асана тIе. Бахьана ду "Тесла" Марсана уллерчу орбите яккха езачу космосан аппаратан мотораша тIех сов болх бар.


Falcon Heavy гайтаман проект яра. Маск Илонан космосан программин коьрта Iалашо ю Марс планетина тIе космосан аппараташ а, адамаш дахийтар.


Маска дагалаьцна ма хиллара цуьна машен тIемаяьлла лелар ю космосехь миллионаш шерашкахь. NASA базехь Teslaан траектори лаьрра ю 2030 шаре кхаччалц. 



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса