Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Февраль
2018

Тбилисехь героин йоккхуш, гIажарой лецна полисхоша

0
Героинан йоккха парти схьа а йоккхуш, ГIажарийчоьнан виъ вахархо лаьцна Тбилисехь аьлла, хаамбина ГIуьржийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло. Маршо Радион Тбилисерчу корреспонденто Кобаладзе Георгийс дуьйцу цунах лаьцна.


Криминалан полицино лаьцначу гIажарошкахь 1, 5 кила героин хилла, иштта баккхийчу барамашкахь метадон олу чIогIа ницкъ болу аналгетик а. Пачхьалкхан дозан тIехь схьаяьхначу наркотикех уггар а йоккха парти лерина и.


Гуьржийчохь йохка Iалашонца ГIажарийчуьра дуьйнна схьаеана хилла 1,5 кила героин, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан информацица, цкъачунна, талламаш бина бовллалц лецначийн цIераш йовзуьйтуш яц талламхоша.


Гуьржийчохь йихкина ю наркотикаш, нагахь санна, церан бехк тIечIагIбахь, инарла прокуратурано аларца, белла дIабовллалц набахтехь яккха хан йогIу царна.

Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса