Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Февраль
2018

Туркойчуьрчу зудчунна ирхъолла кхел йина Иракъехь

0
Иракъерчу кхело ирхъолла сацам бина, "Исламан пачхьалкх" тобанах дIакхетта хилла аьлла, бехке еш йолчу Туркойчуьрчу зудчунна. Цунах лаьцна оршотан дийнахь дIахьедина БагIданан криминалан кхелан векло.


Цу стага дийцарехь, кхин а цхьацца пачхьалкхашкара 10 зуда чуйоьллина суьдо, Iожалла тIекхаччалц яккха хан а тоьхна. Кхело бинчу сацамашна латкъам бан аьтто хир бу.  


2017-чу шарахь ГIура-баттахь Иракъан Iедалша дIахьедира, "Исламан пачхьалкхана" тIехь толам баьккхина шаьш аьлла. Делахь а цу тобанан декъашхой хIинца а тIелетарш деш бу цу махкахь.


 



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса