Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Февраль
2018

Телефонан зIе лакъор ю Оьрсийчоьнан Шемарчу тIеман базанашкахь

0
Оьрсийчоьнан тIеман никъийн Инарлан штабо буьйр дина Шемахь йолчу Оьрсийчоьнан тIеман базашкахь сотан телефонан зIе лакъайе аьлла. Цунах лаьцна хаам бина РБК агенталло, инарла-лейтенанто Кузнецов Юрийс Чиллан-беттан 2-чу дийнахь динчу омрана тIе а тевжаш. И хаам тIечIагIбина Оьрсийчоьнан тIеман министраллерчу хьастано.


Ша аьлча, ХIмеймим авиабазан территори тIехь сигнал лакъор ю кхушеран Зазадоккху-бутт чекхбаллалц. Ткъа оьрсийн эскарш дIатардинчу кхечу территорешкахь -- Мангал-беттан 1-ра де тIекхаччалц, аьлла ду цу документеха тIехь. 


РБК-ан хьастано дийцарехь, сотан зIе лакъайе аьлла омра дар доьзна ду Оьрсийчоьнан Шемарчу базанашна дронаша тIелетарш дарца.

Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса