Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Февраль
2018

Германехь кечбеш бу нохчийн берийн суртийн гайтам

0
Германерчу Мюнхен гIалахь кешбеш бу нохчийн мухIажарий берийн сартийн гайтам. 1944-чу шарахь нохчийн къам Сталинан омрица махках даккхарна лерина бу и гайтам. Баварерчу мухIажарийн юкъарIойлашкахь хан йоккхуш хиллачу бераш а, кхиазхоша а дехкина шаьш Нохчийчуьра девдда Европе дахкарх лаьцна сурташ.


ТIамах а, некъан халонех а, хийрачу махкахь кхоллалучу цхьаллех а, цIахь бисинчу гергарчу нахана сагатдарх а ду цу берийн сурташ. Маршо Радион информацица, меттигерчу цхьана банкан гIишлонна чохь гойтур ду уьш.


Кху деношкахь Малхбузерчу тайп-тайпанчу гIаланашкахь беха нохчий къам дохор дагалацаран цхьаьнакхетарш дIаяхьа кечлуш бу.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса