Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Февраль
2018

Amnesty International: Адамийн бакъонаш талхош ю Къилбаседа Кавказехь

0
2017-чу шарахь Къилбаседа Кавказехь адамийн бакъош кIоршаме талхийна хиларх лаьцна дуьйцуш ду Amnesty International адамийн бакъонашкахула йолчу вовшахтохаралло динчу дIахаийтаарехь. Цо дийцарехь, цу регионехь сецна дац адамаш лечкъор а, царна тIехь къизаллаш лелор а, кхел а ца еш, адамашна таIзарш дар а, иштта дIа кхин а.


Бакъонашларъярхоша билгалдаккхарехь, федералан талламан органаша дукха меллаша тIеэцара цу хьокъехь болу хаамаш, ткъа бехктакхаман гIуллакхаш долош меттиг нисбелча а, цара сихонца дерзадора уьш, латкъамаш бух боцуш карийна шайна олий.


Иштта цхьа а таIзар а ца деш дисина Нохчийчохь бакъонашларъярхошна дина тIелетарш а, журналисташна кхерамаш тийсар а.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса