Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Февраль
2018

Iамеркехь Нохчийчуьра бахархой лецна контрабанда лелорца

0
Александриехь (Вирджиния штат) Нохчийчуьра cхьаваьлла ши вахархо Сыдыков Тенгиз а, Резванов Эльдар а  лаьцна, хаамбо Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн финансийн министралан сайтехь. Полисхоша бахарехь, Александриин шина вахархочо 100 герз эцна хилла, Нохчийчу дIакхачорхьама.


"Бехкебечара эцна хилла кеп-кепара 100 герз. Лицензи а йоцуш Нохчийчу дехьадаккха Iалашо хилла цушиннан. Герз вовшах а даьккхина, цIен тIехь оьшу йийбар санна хьулдина, къайладаккха лаам хилла церан", - яздо хаамехь.


Сыдыковна а, Резвановна бехк биллина герзаца контрабанда лелорна а, контрабандех къайлаха барт барна а, курхалла лелорна а, ахчанаш дахарна а.


Даьллачу зуламца а догIуш, цу шинна набахтехь даккха 20 шераш хан йогIу, - аьлла, билгалдоккху финансийн министралло.


 


 


 



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса