Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Март
2018

Австрин Iедало полици балха кхойкху нохчий

0
Венерчу полицин урхалло балха кхойкху цу гIалахь дехачу тайп-тайпанчу къаьмнийн диаспорашкара нах. Къаьсттина лаам бу Iедалхойн, нохчийн кегирхой а, мехкарий а полицин балха бахкийта.


Статистикан терахьашца, Австрин коьртачу шахьаран хIора а пхоьалгIа вахархо мигрантийн кхоллам болуш я кхечу къомах орамаш долуш ву. Цундела тайп-тайпана меттанаш хууш болу, тайп-тайпанчу къаьмнийн менталитет евзаш болу нах полисхойн могIаршлахь хилар мехала лору Австрин чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин куьйгалло.


Нохчийн кегирхошна а, мехкаршна а полицехь болх баран дика агIонаш йовзийтархьама Венерчу вайнехан цхьаьнакхетараллашкахь информацин суьйренаш дIахьош а, шайн инфоматериалаш яржош а болх бо Iедалхоша.


Полице балха хIоттар луучарна аттачу даккхархьама цхьа  могIа хIинцалц схьа хиллачул атта даьхна Iедало цига балха дIаэцаран хьелаш.


Бакъду, коьрта хьал - Австрин пачхьалкхан олалла тIеэцна хилар нуьцкъала дисина.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса