Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Март
2018

Новости за 28.03.2018

Соьлж-ГIалахь цIеяларан бахьана хиъна говзанчашна

Radiomarsho.com 

Соьлж-ГIалахь 12-зза тIекъелдинчу цIен тховх цIе ялар бахьана хилла адамийн бехкенна. Цунах лаьцна хаам бина Оьрсийчоьнан орцаллан министраллан Нохчийчуьрчу урхаллан зорбанан сервисо, цIеяйархойн белхана терго ечу пачхьалкхан коьртачу инспекторо Залаев Резвана аьллачунна тIе а тевжина. Залаевс дийцарехь, цIе яьлла тхов тIе волучу меттигана кхо метр генахь. И бохам хилла аьлла хета говзанчашна, йогуш йолу цIе тхов тIе яьккхарна. Хилларг къастор долуш ду кхин дIа а. Соьлж-ГIалин юккъехь А-Хь. Кадыровн... Читать дальше...

Цигаьрка узу стаг бахьана долуш Волгоградехь охьахиъна Магасе доьду кема

Radiomarsho.com 

Москохара Магасе доьдуш хилла "Победа" авиакомпанин кема цIеххьана охьахиъна Волгоградехь, хаам бо  eg.ru сайто. Кеманан бортбелхахошна цигаьрка узуш стаг гучуваьлла кемана тIехь.    Цигаьрка дIаяйъа шега аьлча, девне ваьллачух тера ду и стаг. И бахьана долуш кеманан капитано сацам бина, кема охьа а хаийна, зуламхо араваккха. Низам дохийна стаг дIавелла Волгоградерчу транспортан полице.

Къилбаседа Кавказ кхераме ю Британерчу туристашна

Radiomarsho.com 

Футболан дуьненан чемпионат йоьдуш Оьрсийчу баха дагахь болчу Британин махкахошка шаьш дечу хьехаршка ладугIуш хила аьлла, кхайкхам бина парламентехь вистхуьлуш арахьарчу гIуллакхийн министро Джонсон Бориса. Туристашна кечйинчу лерринчу книжки тIехь Донецкан а, Луганскан а хьалкъан республикаш йоцург, кхераме лаьрра ю ГIалгIайчоь а, Нохчийчоь а, Дагестан а. Иштта, юьстах йита еза аьлла хета Британин арахьарчу гIуллакхийн министраллана Ставрополан мехкан Степновски а, Левокумски а, Нефтекумски а, Буденновски а кIошташ. Читать дальше...

Асадан гIопан кевнехь лаьтта ДАIИШ

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьно новкъарло йина Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин Кхерамзаллин Кхеташонна Шемарчу бахархойн бакъонаш йийцаре яхка. Оццу дийнахь Асадна хиина, мел хала ду дуьнено шена тIекарло еш ца хилча. Кхерамзаллин Кхеташо дагахь яра шемахоша лов бала бийцаребан. Реза яра къамелдан Франци, Британи, Iамеркан Штаташ, Швеци, Полша, Перу, Кувейт. Амма Оьрсийчоь а, Китай а дуьхаьлъелира, вето тухуш. Царна тIехIоьттира Казахстан а, Боливи а. "Кхерамзаллин Кхеташоно тахана йийцаре йийриг адаман бакъо яц, цундела тхуна бахьана ца го уьш хьехо. Читать дальше...

ХIинжа-гIаларчу клиникехь меттавеана бакъонашларъярхо Дациев

Radiomarsho.com 

ХIинжа-гIалахь кхаарин Iуьйранна къиза йиттина волу "Мемориалан" Дагестанерчу офисан куьйгалхо Дациев Сиражутдин кхетамчу веъна, хаам бо Кавказ.Реалиино. Цуьнан адвокато Магомедов Мурада хаам бина, Дациев лелалуш ву аьлла. Рентген яккхийта ша вахана иза, боху адвокато. Хьалхо хаам бина ма хиллара, муьлш бу ца хуучу наха тIехьаша тIелатар дина Дациевна, иза вехачу цIенона хьалха. Бакъонашларъярхо, кхетам чохь а воцуш, дIакхачийнера республикан клинике.   Дациевна шена тIелатар дина аьлла хета, ша "Мемориалехь" болх беш хиларна.

Дийнан сурт: хьаькамаллин лами а, жоьпалла а

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказ, 28.03.2018 Политикехь шена атта позици лаьцна Кремло – таронаш я ахча декъар дийца даьккхича, и дан бакъо уггаре хьалха шен ю, олу цо, ткъа Кемеровохь яьлла цIе санна болу бохам бийца баьккхича олу, пачхьалкхехь федерализм лела, меттигерчу Iедало дала деза жоп. Тахана, Оьрсийчоьно цIергахь иттаннаш бераш а, церан дай-наной багар а далхочу хенахь, къаьсттина доладо наха жоьпалла хьехо. Iедална, адам шена духьалдолуш нисбелча, сихонца карабо нах совцо некъаш. Сочехь Путинна... Читать дальше...

Шляпа-Жимахверг аравала везаш ву колонера (видео)

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказерчу тутмакхашца дов лелош волу Шляпа-Жимахверг дIахеца везаш ву тахана, Зазадоккху-беттан 28-чу дийнахь, тутмакхаш латточу колонера, хаам бо "Прайм-Крайм" интернетан зорбанан хьастано. Тыва-махкарчу набахтехь маьждигна тIе а летта, ламаз дечу вайнахана а, дагестанхошна а йиттинчу тобан хьалханча лоруш волу Шляпа-Жимахверг (Гегечкори Руслан) вен кхачийнера «цIе лелачу» нохчаша а, дагестанхоша а. И дов дерзо гIерташ бара бехкевечун да Шляпа-Воккхахниг (Гегечкори Роланд) а, цуьнан гонера кхиболу мафиозеш а... Читать дальше...

  "Мемориал" Дагестанерчу декъан куьйгалхочунна йиттина ХIинжа-гIалахь

Radiomarsho.com 

ХIинжа-гIалахь кхаарин Iуьйранна къиза йиттина "Мемориалан" Дагестанерчу офисан куьйгалхочунна Дациев Сиражутдина, хаам бо Кавказ.Реалиино. Муьлш бу ца хуучу наха тIехьаша тIелатар дина Дациевна, иза вехачу цIенона хьалха. Бакъонашларъярхо охьавиллина республикан клиникан нейрохирургин декъе. Зулам динчу меттехь болх беш бу талламхой.

Ким Чен Ын Пекине вар бакъдина Китайно

Radiomarsho.com 

Китайн Iедалша хаийтина Iамеркан администраце, Къилбаседа Корейн лидер Ким Чен Ын Пекинехь хилла хиларх лаьцна. Цунах лаьцна хаам бина CNN телеканало, Iамеркан президентан администрацин зорбанан секретарна Сандерс Сарина тIе а тевжаш. Ким Чен Ын Пекине вахарх лаьцна кху беттан 26-чу дийнахь хаам бинера Bloomberg агенталло, амма официалан кепfра иза тIечIагIдина дацара.

Нохчийчуьра деана тоьпан молха латторна кхел йина Уфарчу вахархочунна

Radiomarsho.com 

Уфахь 34 шо долу меттигера вахархо чувоьллина шен хIусамехь Нохчийчуьра деана тоьпан молха латторна. ToDay News Ufa сайто бинчу хаамца, стохка ГIура-баттахь полицино лаьцна хилла и стаг. ХIусамах хьажча, талламхошна карийна хилла банкана чохь латтош долу тоьпан молха. Цу стага чIагIдарехь, оьккхуш долу молха цо деана хилла Нохчийчуьра 2004-чу шарахь. И зулам дарна цунна 2 шо хан тоьхна, арахь яккха.

Малхбалерчу Гутера арабовлучу нахана гIо дина Кадыровн фондо

Radiomarsho.com 

Кадыровн цIарахчу Юкъараллан фондо кхачанца а, хица а гIо дина Шемахь Малхбалерчу Гутера арабовлучу мухIажирашна. Цунах лаьцна хаам бина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен "ВКонтакте" агIона тIехь. Хьалхо хаам бина ма хиллара, Димашкана гергахь йолчу Малхбалера Гутера арайолуш ю кхин цхьа оппозицин тIемалойн тоба. Иза дан аьтто баьлла Iедалан ницкъашца цу хьокъехь барт хиллачул тIаьхьа. Оппозицин "Файлак аль-Рахман" тобан тIемалой а, церан доьзалш а дIабоьлхуш бу Шеман къилбаседехьа йолчу гIаттамхоша Iуналла дечу Идлиб провинце.


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Даниил Медведев

Медведев обыграл Бублика и вышел в четвертьфинал "Мастерса" в Мадриде






Это у них семейное. Лакаевы из Ульяновска выиграли «Сто к одному»

Обнародована стоимость самой дорогой квартиры России

Началась онлайн продажа субсидированных авиабилетов из Калининграда

Сильная магнитная буря внезапно разыгралась на Земле