Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Март
2018

Туркойчохь дIакъевлина Iамеркан Хонкарара векалалла

0
Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн Хонкарара векалалла дIакъевлина оршотан дийнахь, кхерамазалла бахьана долуш. Векалаллин белхахоша накъосталла дийр ду ца дича ца долуш гIуллакх нислахь. Цкъачунна хууш дац хIун кхерам болуш болх сацийна цу дипломатин хьукмато, хаам бо Reuters агенталло.


Цул сов, Iамеркан векалаллан белхахоша кхайкхам бина Туркойчохь болчу шайн махкахошка, дуккха а адамаш гуллучу меттигашка ца доьлхуш совца аьлла.


Хонкарара векаллалла юха болх бан маца йолалур ю хууш дац.


Кхушеран Дечкен-беттан 18-чу дийнахь Iамеркан Кабулерчу векалалло дIахьедар динера тIемалоша тIелтар дан мегаш ду ОвхIанерчу хьешан хIусамашна аьлла. Кхин а ши де даьлча тIемалой тIелетира Кабулерчу "Интерконтинентал" отелана. И бахьана долуш вийра 22 стаг, шайна юкъахь 14 кхечу пачхьалкхашкар вахархо а волуш. Царах виъ вара Iамеркахо.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса