Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Март
2018

Оьрсийн мотт буьйцу зударий а, бераш а ду БагIдадерчу набахташкахь

0
Террор лелочу нахана гIо дар хьокъехь таллам дIахьош лаьцна латтош оьрсийн мотт буьйцу 22 зуда а, 49 бер а ду БагIдадехь аьлла, дIахьедар дина Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраллан официалан векло Захарова Марияс, хаам бо ББС-но. Карарчу хенахь Оьрсийчоьнан консульствон белхахой бу царна тIекхача гIерташ.


Захаровас бинчу хаамца, зударий а, бераш а Оьрсийчоьнан махкахой хила мегаш бу. Уьш карарчу хенахь талламана юкъаозийна бу. Царна дихкина ду зIе латтор, арахьарчу нахаца, шайна юкъахь кхечу пачхьалкхийн дипломаташ а болуш.


Захаровас дийцарехь, цу бахьаница дихкина ду цу нахаца цхьаьнакхета БагIдадерчу Оьрсийчоьнан векалаллерчу белхахошна.


    



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса