Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Март
2018

Нохчийчохь ФСБ-н беркема чудеанчу метте боьлхуш бу орцанхой

0
ФСБ-н дозанхой тIехь болу Ми-8 тIеман беркема охьадоьжна Итум-Кхьаьллан кIоштахь Хангихой юьртана уллехь. КIоштан полицера хьостано Маршо Радион корреспонденто бинчу хаамца, вийна мел лаххара 5 стаг. Иштта дийна бисинарш а бу эскархошна юкъахь.


Орцанхой хIицна а тIекхачаза бу бохам хиллачу меттигана. Иза 20 сов чакхарма бен кхин гена яц Гуьржийчоьнан дозанна.


Беракема чудожаран бахьана хууш дац. Кху деношкахь нохчийн лаьмнашкахь къеггина кхетта малх бу, цундела Iаламан бахьанаш ца хила а тарло цунна бехке.


Делахь а, РИА Новости агенталло, дозанхойн сервисан векална тIе а тевжаш, хаам бина беркема охьадоьжначу меттехь догIанца догIуш ло ду иза хила мега бахьана аьлла. 



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса