Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Март
2018

Венерчу нохчийн довхаттарехь керла хIуманаш гучудевлла

0
Венехь еарин дийнахь кхин дIа а дов хаьттира пиццерия эккхийтарна бехкечу нохчашка. Шайн бехкана къера хиллачу шина нохчочо дийцира, шаьш, туркойн къомахчу кафен долахочуьнца барт а бина, и зулам муха кечдира. Царех цхьаммо, 43 шо долчу стага, элира ша цкъа хьалха реза вацара и талор дан. Амма шена туркочо 1500 евро лур ду аьлча, шен тIе хьаьрчинчу декхарх ойла а йина, тIетайра ша аьлла.


Цо дийцарехь, и шиъ кафе чу ваьлча цу чохь, хетарехь, цхьаммо хьалххе бензин Iанийначух тера хилла. Ткъа шаьш а бензин доьттарна, эккхар шаьш леринчул чIогIа нисделира, бохуш дийцира цо. Долахо шаьш Iехон гIерташ хиллачух тера хийтира шена аьлла тIетуьхийра бехкевечо.


Нагахь санна цIетаса баханчу нохчел а хьалха пиццериян долахочо цу кхерчахь бензин Iанийна хилар тIечIагIлахь, иза ша ахчанах лаьцна болу талорхой байа Iалашо хиларна жоьпе озо а мега.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса