Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Март
2018

Ши нохчо чувоьллина, Шема ваха дагахь хиларна бехке а вина

0
Къилбаседа-Кавказан гонан тIеман суьдо хан кхайкхийна Нохчийуьрчу шина вахархочунна, Шема а вахана "Исламан пачхьалкх" олучу тIеман тобанах дIакхета дагахь хилла аьлла. Цунах лаьцна хаам бина "Интерфаксо".


Кхелан сацамехь аьлла ду, Сугаипов Адам а, Мурдиев Юни а Туркойчухула Шема ваха дагахь хилла аьлла. И шиъ лаьцна дозанхоша Краснодаран аэропортехь талламан пунктехула чекхволуш.


Сугаипов а, Мурдиев а бехке лаьрра "терроран организацехь дакъалаца кечлуш хилла" аьлла. Хьалхарчо набахтехь доккхур ду 7 шо, шолгIа чувоьллина, 8 шо хан а тоьхна. Дина таIзар токхур ду шина нохчочо режим чIагIйинчу колонехь.   



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса