Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Апрель
2018

Нохчийчуьра Iедал адамийн бакъонаш йохорна бехке дина Iамерко

0
"Кадыров Рамзанан Iедало Нохчийчохь адамийн бакъонаш талхош ю, хуьлуш бекхам а боцуш. Цхьа а низам талхор теллина дац цигахь, я кхачийна дац меттигерчу я федералан суьде", - аьлла ду Iамеркан Пачхьалкхан департаменто хIора шарахь арахоьцучу рогIерчу рапорта тIехь, хаам бо РИА Новости агенталло.


Хьалхо Кремлехь Кадыровс тешийра президент Путин Владимир, зорбанан гIирсашкахь Нохчийчохь адамаш лечкъош а, дойуш а ду бохуш яздеш дерг питанан чулацам болуш хиларх. Нохчийчоьнан куьйгалхочо элира, байина боху нах эххаре а дийна карийра шайна аьлла.


Оьрсийчоьнан президентан зорбанан секретаро Песков Дмитрийс цу хенахь элира, Кадыровс дуьйцучуьнах ца теша бахьана ца го шайна аьлла.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса