Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июнь
2018

Стуннана йина Даудов лоьху Iедалша

0
Ставрополан кIоштарчу Талламан комитето лехамашка велла 36 шо долу Даудов Ахьмад. Иза бехкево стуннана ерна а, шен хIусамнанна а, стунвешина а чевнаш ярна а. Талламичйн версица, чохь дов иккхича майрчо шен зудчунна герз тоьхна хилла. Орцах баьхкинчу стуннанна а, стунвешина а тоьхна цо цхьацца хIоа. 53 шо долу бехкевечун стуннана чевнех елла, вочу хьолехь дарбан цIийнехь ду зудий, стунваший.


Левокумскехь бехаш хилла доьзал. Талламчаша бахархошка кхайкхам бина зуламхо волу меттиг шайна тусалахь, информаци хаийта шайга аьлла.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса