Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июнь
2018

Новости за 25.06.2018

Ювелиран хIуманаш яьхна Туркойчуьра йогIучу нохчийн зудчуьнгара

Radiomarsho.com 

Соьлжа-гIаларчу аэропортехь лаьцна Туркойчуьра Нохчийчу 6 кила ювелиран хIуманаш йохьуш йогIу махкахо. "Истанбулера Соьлжа-гIала догIучу кемана хиинчу зудчуьнгара 1169 дешин, датон зударийн кочаухкурш, мухIарш, чIагарш яьхна дозанал арахьа йоккхучу тIера  ял оьцучара. Деклараци тIехь билгалъяхазчу мехалчу хIуманийн йозалла 6 кила хилла", - аьллачу Минералан Хишкарчу  дозанхойн пресс-гIуллакххойн дешнаш даладо ТАСС агенталло. Зудчо даредарехь, шен гергарчу нахана совгIатна яла а, даймахкахь йохка а Iалашонца йохьуш хилла цо уьш... Читать дальше...

Кхело 20 шо кхачо тарло Шемара цIаялийначу зудчунна

Radiomarsho.com 

Москохарчу тIеман кхело листа долийна Дагестанера схьаяьллачу яхархочун Будайханова Викторина дуьхьал даьккхина бехкзуламан гIуллакх. Иза бехкейо "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанах дIакхетарна. "Ас къаро йо суо бехкехиларна: тIамтIехь яхарна а, шозза цигахь марех яхарна а, сайн хиллачу цIийндайшна юург-мерг латторна а, амма кхиболчу даIишхошна ас лоьралла ца лелийна", - аьлла кхелахошка Будайхановас, яздо "Интерфаксо. Ницкъаллийн структурийн белхахойн версица, 2014-гIа шо юккъе даьлча дуьйнна стохка гурралц Будайханова Шемахь хилла ю. Читать дальше...

Бухарчо тIараш тоьхча…

Radiomarsho.com 

Къоман гIиллакхехь ду хьаша-да ларар, цунна тоьлла кхача балар, кIеда мотт биллар. Амма цкъа а хилла дац хIинца даьржинарг: махка цIе евза стаг воггIушехь, хелхабоху нохчийн мехкарий, самукъадоккхуьйту цаьрга хьешан. Социалан машанашкахь я дика-вонехь вовшахбетталучу нохчаша емалдо и керла "гIиллакх". Бухарчо тIараш тоьхча, тIевеънарг хелхаволу, баьхна дайша. Эвхьазалло эвхьазалла кхуллу бохург ду иза.

Песков: Путина тергал ца йо шен рейтинг

Radiomarsho.com 

Кечъен пенсин реформа бахьана долуш шех тешам лахбаларна саготта буй Кремлехь аьлла шега хаьттича, Путин Владимира тергам ца латтабо шен рейтинг хийцаяларна тIехь аьлла президентан пресс-секретара Песков Дмитрийс. Пачхьалкхан Iедалхоша пенси воьду хан тIетохар - "Iаламат социалан-резонансе тема ю", амма "Путин шен рейтинге цкъа а юха ца хьоьжу" аьлла Песковс. "Халкъана луург цунна массо хIуманал а деза ду", - аьлла пресс-секретаро. Кху баттахь министрийн кабинето пачхьалкхан Думе низаман проект кховдийна Оьрсийчохь пенси боьлхучийн хан ойбуш.

ГIалгIайчохь герзаш диттина ши стаг лазийна

Radiomarsho.com 

Несарарчу колледжна уллохь герзаш диттина шина стагна чевнаш йина. Политехникан колледжна гена доццучехь дийнахб 11 сахьт долучу хенахь иккхина и инцидент. Ницкъаллийн структурашкарчу хьостано дийцарехь, жимчу шина стеган дов далар бахьана долуш хилла зулам. Цо чIагIдарца, Lada Granta а, ВАЗ-2114 а машенашчуьра  диттина лазийначарна тIе герз. Зуламхой лаца дагахь барамаш бу дIахьош Несарахь. ГIалгIайчоьнан дарбан цIийне кхачийна лазийнарш.

Керла премьер-министр вовзийтина Кадыровс

Radiomarsho.com 

Соьлжа-ГIалин 46 шо долу мэр Хучиев Муслим премьер - министр хIоттош ша куьйгъяздарх дIахаийтина мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Телеграм - каналехь. Республикан парламенто хьалхо тIечIагIйинера Хучиевн кандидатура. "Иштта ас омра дина Тумхаджиев Iийса Хучиевн хьалхара гIовс хIоттош, ткъа шен лаамехь и дарж охьадиллина Закриев ИбрехIима", - яздина Кадыровс. 2012-чу шарахь дуьйнна премьер-министр лаьттина Эдельгериев Абубакар дахначу кIиранах Оьрсийчоьнан президентан хьехамча хIоттийра.

Чемпионат бахьанехь ГIалгIайчу эха бевлла кхечу пачхьалкхашкара туристаш

Radiomarsho.com 

Кху шеран дуьненан футболан чемпионат бахьанехь кхечу пачхьалкхашкара чуоьхучу туристийн терахь лакхадаьлла ГIалгIайчохь. Махкарчу туризман комитетан куьйгалхочо Хамхоев Беслана бина и хаам. "Республике оьхуш бу дуккха а кхечу пачхьалкхашкара туристаш. Кхуза ван луучо интернетехула хаамбан беза тхоьга, оха бакъо лур ю. Чемпионат цхьана баттахь бен хир йоцу дела, оха дехар динера кехаташ доху процедура яцъяхьара аьлла", - аьлла ТАСС агенталлен Хамхоевс. Регионехь туристаша садаIа къастийначух ю коьрта центр – "Армхи". Читать дальше...



Кхело юхатоьхна Титиевн дехар

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело дуьхьало йина, Соьлжа-ГIаларчу "Мемориал" офисан куьйгалхочунна дуьхьал айдинчу гIуллакхан хьокъехь леринчу юридикан экспертизано бинчу талламийн жамIаш материалашна юкъадало. Оьрсийчоьнан президентехула йолчу адамийн бакъонашаш ларъечу Кхеташоно (СПЧ) тIедилларца, юридикан говзанчаша йина экспертиза Титиевн адвокате Заикин Петре дIакхачийнера СПЧ-н куьйгалхочо Федотов Михаила. Экспертийн сацам тIехь яздина ду,  Титиевн дехарца дIаяьхьна экспертиза озабезаме а, хьакъ ма-дду йина а яц аьлла. Читать дальше...

Харжамийн комиссино тIечIагIдина Эрдоган толар

Radiomarsho.com 

Туркойчоьнан харжамийн комиссин куьйгалхочо Гувен Садис кхайкхамбина хенал хьалха дIабаьхьначу президентан харжамашкахь пачхьалкхан президентан декхарш кхочушден Эрдоган Реджеп тоьлла аьлла. 97, 7 процент дагардинчу бюллетенешлахь Эрдоганна кхаьчна 52 процент кхаьжнаш. Официалехь толамбаккхарх дIакхайкхор ду  тIедогIучу пIераскандийнахь, хаамбина "Настоящее время" хьостано. Харжамашкахь дакъалаьцначу Индже Мухарремна 30 процент кхаьжнаш кхаьчна. "Харжамаш нийса бацара, амма хIетте а Эрдоган толар тIеоьцу ас", - аьлла цо. Читать дальше...

Эдельгериев Русланан "ирсан седа"

Radiomarsho.com 

Саламова Елена Нохчийчуьрчу министрийн кабинетан куьйгалле а, Оьрсийчоьнан президентан хьехамчин дарже а вуьгу некъ боллабелла ЦIоьнтарахь 43 шо долу Нохчийчоьнан премьер-министр Эдельгериев Руслан Путин Владимиран хьехамча хIоттор дIакхайкхийна пIераскана, беттан 22-чу дийнахь. 70 шо долчу Бедрицкий Александрехь дара хIинца цуьнга делла дарж, Бедрицкий пенсе воьду, гарехь. Эдельгериев Руслан (цунах Абубакар олу гергарчара а, гоно а) вина Кадыров Рамзан схьаваьллачу ЦIоьнтарахь. Нана, Дерябина Вера... Читать дальше...

Дакаев СаӀидбек. Iаламан ловзар

Radiomarsho.com 

Дакаев СаӀидбек. Iаламан ловзар Зазашлахь кечъелла, БӀаьстено говза, Шуьйра тӀам баржийна, Ког шершабо. Ӏаламо той дина, ХӀоттийна ловзар, Ца кӀордош, дезалой,  Сакъерало. Беттаса, Ӏаьржа тӀам Шовданчу туьйсуш, ГӀоргӀачу шабаршка ЛадоьгӀуш Ӏа. ГӀо лаьцна, денделла, ГӀа-маргӀал луьйсуш, Мерзачу хӀавао Кхерстайо Ӏаь. Хьун-тогӀи Ӏадийна, Олхазарш дека, Зевнечу эшарех Дог Ӏабадеш. Генара гуш болчу Ламанан некхах Юрт тийжа, серлонаш Меттаххьееш. Ӏаламан майданахь БӀаьстено говза, Гуо туьйсуш, хелхаран Ког шершабо. Читать дальше...

Абдулаев Леча. Диканиг хьахадан кхоьру со...

Radiomarsho.com 

Абдулаев Леча. Диканиг хьахадан кхоьру со... Диканиг хьахадан кхоьру со. Хазаниг хьахадан кхоьру со. Диканах, хазачух хьаьгна хьо ГIаггIъаьлла елхарна, кхоьру со. Да-нана хьахадан кхоьру со: Буо виснарг велхарна, кхоьру со. «ЙоI» ала, «воI» ала кхоьру со: ХIухаьддарг велхарна, кхоьру со. Гуо талла, бIов йоцуш висначохь, Букъ тоха берд боцуш висначохь, Куьг делла, белш гIортош, гIаттийна, Хьо латто гIо доцуш висначохь Хьан лекха лам хьахо кхоьру со, Хьан Орга, Терк хьахо кхоьру со. Читать дальше...

Абдулаев Леча. Суна хьо бIаьргаян ца еза!

Radiomarsho.com 

Абдулаев Леча. Суна хьо бIаьргаян ца еза! …Суна хьо бIаьргаян ца еза!  ТIаккха хIунда лаьа цкъа а ца аьллачу эсалчу дешнашца сайна хьо мел чIогIа дукхаеза ала?.. Аьлча а, безам а, цабезам а цхьаъ ду, цкъа а цхьанаэшшарехь, цхьаъ хилла лаьтташ а доцуш…  Цкъа безам хуьлуш шех, юха цабезам хуьлуш, деха деган хьал. Суна хьо езар я цаезар а ду-кх тIаккха цхьаъ.  Цкъа ишта олу, тIаккха – вуьшта.  Ший а бакъ а долуш, хIетте а ший а харц а долуш. ТIаккха а хIумма а харц а доцуш… «Суна хьо еза! Читать дальше...

Дакаев СаIидбек. Ма-дарра аьлча...

Radiomarsho.com 

Дакаев СаIидбек Ма-дарра аьлча... Хьуо хьайна йисина, Ойлане ладегӀа яьлча, Цхьа наггахь, цӀеяккхий, Со дагаваийталахь. Хьагбелла сатийсам Базбелла, совбала боьлча, Сакъуьйлу сингаттам Хьасталой, хьаийталахь. БӀаьстенан зезагех Хьаьрчина, яьржинчу арахь, Ког байбеш, йолайой, Ӏаламе бӀаьрг тохалахь. Мотт сецна, бӀарлагӀа Хилла, со юьхьдуьхьал вагӀахь, ЦӀеххьана, хьой йолчохь Лацалой, ма йохалахь. Шовда хьан когашкахь Шабаршца мотт бийца даьлча, СапаргӀатдаккхалахь, Хьай дагна сох дарба дай. Читать дальше...

Абдулаев Леча. Ойланаш, Ойланаш. Ирс - бIарлагI

Radiomarsho.com 

Абдулаев Леча Ойланаш, ойланаш Ирс - БIарлагI Тхов тIехь жайна долу кибирчиг. КIайн кира тоьхна лоха цIа. Сийна басар хьаькхна гIурашца къовлу «неIарш» йолу кораш. Еха учи. Юьйцина керт. УьйтIахь бай. Акказин патарш цIийзош хьоькху дуткъа, ира мехаш. Когех эха Iемина кIохцалш. Iуьйрачу когийн нана пIелгаш дIадеттадала Iемина урам-некъийн йистошкара коьллаш хьекхна бухайисна юьхкаш. ТIера хIума ятIо дIайоьлла юьйцинчу кертийн хьокхий. Шишша цхьаьна йоккхуш, хазчу жимчу йоьIан лергех охкийта цIийлуш хилла баьллаш. Читать дальше...

Дакаев СаIидбек. Со-м дIавоьду, волий...

Radiomarsho.com 

Дакаев СаIидбек СО-М ДӀАВОЬДУ, ВОЛИЙ... Гена араволуш, «Марша гӀойла», – олуш, БӀаьргийн шийла къежар, ГӀийла тӀаьхьахьежар, Деган кийра дулий, Соьца новкъадолу… Некъаш тегна генаш Кхийзадаларх гена, И хьан бӀаьрахьежар, Дог ца догӀуш къежар, Даго дуьхьал лоьцуш, Ойланашца соьцу. Сингаттамо Ӏуьйшуш, Некъан болар луьйсуш, Деган пенах тесна, Хьоме амат эцна, Синтем чомах болий, Со-м дӀавоьду, волий. Ойла кхерсташ герга, Хьан марзонийн цӀергахь, Даккхий синош дохуш, Ваттавала, вогуш, Марша Ӏойла – олий. Читать дальше...

Дакаев СаIидбек. Сан буьйса

Radiomarsho.com 

Дакаев СаIидбек САН БУЬЙСА Тийналла луьйсуш, ДӀатийна буьйса. Лаьтта тӀелетта, Серло ю беттан. Стигланан бога Седарчех догу. Ас екхна буьйса  Ӏаламца къуьйсу. ХӀавао тийна, ГӀа-бецах ийна, Мерза чам кхоьхьуш, Сан мере оьхьу. Даг тӀера кхехкаш, Мох санна чехка, Ойланаш кхерсташ, Жималле леста. Лар тегна некъаш, Ченан кӀур текхош, Когаш кӀел дуьйший, Марзоне хуьйшу. Серлоно туьйсу Сийна суй кхуьйсуш, Генара седа БӀаьргаш чу леда. Сан бертахь ловза,  Дуй биъна тховса, Буьйсано хьоьстуш, Ойланаш йосту.

Дакаев СаIидбек. ГIалгIайн къоме

Radiomarsho.com 

Дакаев СаIидбек ГӀАЛГӀАЙН КЪОМЕ Хедар йоцу уьйраш йозаелла, Шу-м йижарий, сан вежарий дай. – Марзонашца вовшех тийсаелла, Цхьана дегӀан меженаш ю вай. ГӀалгӀайн къоме, хӀокху гӀалгӀайн лаьтте Кхоллабелла безам сацалац. Хьаам боцуш, хийла деган готтехь Шун уьйрашка сатийсина ас. Ираллийца, ирсан генаш цоьстуш, Вайга кхийдош лелла хийла харц. Эзар шерийн еха зама юстуш, Вайн доьналла дохаделла дац. ПаргӀатволу, сайн хӀусамехь санна, ХӀокху гӀалгӀайн махка кхаьчча со. Деган марзо алсамъюьйлуш денна, Шалхо йоцу ойла хьаало. Читать дальше...

Новости России
Москва

Sqwoz Bab тур при партнерстве Like FM


Дакаев СаIидбек. Куйно хотту...

Radiomarsho.com 

Дакаев СаIидбек КУЙНО ХОТТУ... Нохчийн куйно ТӀетиллале хьалха хотту: «Шен бозалла  Лалур дуй-те хьоьга, хӀай? Ма моьттийла Хьуна, хир бу лело атта, КӀеда хиларх, Хиларх пиллаг санна байн. Куй тӀетуьллу Корта лаца, ворта яцахь, Хаьий хьуна, Хийла да сох кхаьрдар вуй? Нагахь куйнан Доладан хьо къонах вацахь, Куьг ца Ӏуттуш, Биталахь ша болччохь куй…»

Дакаев СаIидбек. ***

Radiomarsho.com 

*** ХӀарра дегӀ дар-кха цкъа-м Мох санна, Со каде идийнарг. – Тахана-м, когашна Даш санна Дазделла, текхадо. Заманан йорт хилла-кх Сан жима Къоналла ядийнарг. Цуо хӀинца, Со валарх, Кхин юха хиндоцчух хьегаво…

Дакаев СаIидбек. Ас хIинца ца олу...

Radiomarsho.com 

Дакаев СаIидбек АС ХӀИНЦА ЦА ОЛУ... Ас хӀинца къехкайо Безамах юьйцина байташ. – БӀаьстенан зезагаш Ца довлу шийлачу лай тӀехь. Дагах чекхтийсалуш, КӀур бина лайн ченаш хьоькхуш, Ӏуьйрено сан лерехь Сагатдеш, шийла мох лоькху. Ас хӀинца цхьаьнгга а «Хьо езаелла» – ца олу; Кхерачу безамна Петухий, со генаволу. Ойлано шеконийн Дахкарлахь цадевзарш оьхьуш, Къайленга левчкъина, Гуш йоцу кханенаш оьхьу… Гена юкъ йиллинчу Сайн некъан йозанаш доьшуш, Ойланийн биллинчу БӀаьргашца со юхахьоьжу. Читать дальше...

Абдулаев Леча. Иза а - изза

Radiomarsho.com 

Абдулаев Леча ИЗА А - ИЗЗА Цхьана билггалчу барамашкахь долу хIумий бен дац даго далхориг.  Барам тIехбаьлларг даге ца дийцало, ца далхало.  Сийна цIе шех хьалакхарстийна хьал ца далхало.  Кийра буто ша биллина хьал а ца далхало цул башха. Ма-дарра аьлча, даго гуттар а далхориш моьнаш ду, моьнаш хьовза дуьйладаллалц, лебен мотт бицлуш, алхха лаза бен ца хаьа цунна. Лозу иза. Лозушшехь, и лазам а боцуш, цхьа кхидерг, хIинцца шегахь долчу хьолана аьттехь а доцург, дийца-м тарло цо.  Яхъеллачу боданечу буьйсанна ... Читать дальше...

"Акха дивизина" хIоллам бугIуш бу Соьлжа-ГIалахь

Radiomarsho.com 

Байначарна а, зенаш хиллачу берашна а гIо латточу Къоман центран Iуналлин Кхеташонан куьйгалхочо Мильская Еленас а, нохчийн куьйгалхочо Кадыров Рамзана а хIинцале бIаьргтоьхна Соьлжа-ГIалахь "Акха дивизина" хIотто леринчу хIолламан проекте. Цунна тIехь гоьбевллачу скульпторийн тобано болх бен кхо шо а дара. "Дошлойн дивизин нохчийн полк гуттаренна а йисина Оьрсийчоьнан исторехь. Дуьненан Хьалхарчу тIемашкахь майраллица летта дивизин дошлой. 1914-чу шарахь императоран омраца вовшахтоьхначу дивизино дикачу масалшца гайтина ша тIеман аренашкахь.

Венехь полисхой зудчух латар толлуш ду

Radiomarsho.com 

Венерчу полисхошна тIе бехкаш дехкина нохчийн мухIажиро Элизас, доьзалхочух йолчу шена кхерамаш а туьйсуш, пIелг а кагбеш, харцонаш лелорна. PULS 4 News гIирсе дийцина зудчо ма-дарра хиллачух. Ткъа полисхоша чIагIонаш йо, и жима зуда шайна тIелеттера бохуш. И гIуллакх толлуш, белхаш бу дIахьош карарачу заманчохь. Кху беттан 21-чу дйинахь "Кавказ.Реалии" порталан хаамашна тIе  а тевжаш, Маршо Радионо Iорадаьккхира, депортаци ян оьшу нах лоьхуш 25 шо долчу доьзалхочух йолчу Элизин хIусамчу полисхой лелхарх. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Елена Рыбакина выступила с критикой в адрес WTA






Термы: Здоровый отдых не за морями

Психолог объяснила, как смотреть с детьми кино о войне, чтобы не травмировать их психику

Более 3 тысяч жителей Пушкино прошли диспансеризацию в апреле

Правда ли, что антисемиты выгнали советского писателя Алексина в Израиль?