Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июнь
2018

Кадыровна тIелатар кечдинчу нахана юкъарваьккхина Ямадаев Iийса

0
Кадыров Рамзанна тIелатар кечдинчу нахана юкъарваьккхина Ямадаев Iийса, хаам бо Кавказ.Реалиино. Дуьхьал а воцуш, иза лаьцна ларар юхадаьккхина.


Кадыров вен гIортарх лаьцна хаам бира «Новая газето» 2016-чу шарахь гуьйранна. Цу зорбанан гIирсо дийцарехь, Бенахь Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан хIусамехь бомба йиллина хиллера цхьана наха.


Нохчийчуьрчу Iедалша харц дира Кадыровна тIелетар кечдинера бохург. Амма 2017-чу шарахь Дечкен-баттахь цу хьокъехь бехктакхаман гIуллакх долийра талламхоша.


«Новая газето» бинчу хаамца, ницкъаллин структурийн белхахоша лецначара аьллера иза вовшахтоьхнера вежарша Ямадаев Бадруддис а, Iийсас а аьлла.


 



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса