Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июнь
2018

Парижехь уьрсаца тIелатар дина Азимов дIавоьллина Нохчийчохь

0
Парижехь Стигалкъекъа-баттахь терроран тIелатар дина жима стаг Азимов Хьамзат дIавоьллина Нохчийчохь. Цунах лаьцна Маршо Радионе хаам бина Францехь бехачу нохчийн диаспоран векалша.


Хууш ма хиллара, 21 шо долчу Нохчийчохь винчу Францин махкахочо Азимовс Стигакъекъа-беттан 12-чу дийнахь, цхьа стаг а вуьйш, виъ лаза а веш, уьрсаца тIелатар дира Парижерчу цхьана урамехула буьйлабелла лелачу нахана. Зуламхо полисхоша вийра, герз а тоьхна.


Таллам бар чекхдаьллачул тIаьхьа Азимовн дакъа дIаделлера гергарчаьрга. Мангал-беттан 18-чу дийнахь Iуьйранна иза дIавоьллина Нохчийчуьрчу цхьана эвлан кешнашкахь.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса