Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июнь
2018

Немцов вер кхин дIа а толлуш ду

0
Оьрсийчоьнан Талламан комитет а, Федералан кхерамазаллан сервис а (ФСБ) юха а талла йолаелла политик Немцов Борис вер хьокъехь долу бехктакхаман гIуллакх. Цунах лаьцна хаам бо "Росбалт" агенталло.


Талламхой тIаьхьакхиа гIерташ бу Немцов вуьйш лелийна зуламхоша герз мичахь дIадиллина бохучунна. Амма коьрта Iалашо ю иза вейтар вовшахтоьхнарг мила ву къастор.


Цу Iалашонца вуно чолхе тIеIаткъам ловш бу колонешкахь Немцов верца доьзначу гIуллакхехула чубоьхкина латтош болу нах.


Дадаев Заур ву Иркускан кIоштахь ИК-3 колонехь, Губашев Анзор ву Карелерчу ИК-9 колонехь, Бахаев Хьамзат ву ИК-11 колонехь. Иза ю Кирово-Чепецкехь. Ткъа Губашев Шадид ву Лабытнангерчу ИК-8 колонехь.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса