Брейвикан латкъам юхатоьхна Европан кхело
Кхелана ца карийна Европан адамийн бакъонашкахула йолу конвенци йохийна меттиг. Иза бахьана долуш, суьдхоша бух боцуш лерина Брейвикан латкъам.
Цо дуьххьара беш бац цу кхеле цу кепара латкъам. 2017-чу шарахь суд реза ца хилира набахтехь шен бакъонаш йохош ю аьлла, Брейвикан латкъам тIеэца.
Норвегийн Iедалша бинчу хаамца, Брейвикна тIаьхьа хьажар ша тайпачу рожехь хилар а, иза цхьана стагана хьажийначу камери чохь латтор а, доьзна ду цу стага динчу зуламан чулацамца.
2011-чу шарахь Ослохь Ιедалан гIишло а эккхийтира, Уьтоьйа-гΙайри тΙехь бераш садоΙучу лагерехь герз а диттира Брейвика. Верриг цо вийнарг вара, лакхохьа ма аллара, 77 стаг. 150 чевнаш хилла вара. И зулам дарна, 21 шо хан а тоьхна, чувоьллина ву иза набахте.
