Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июнь
2018

Соьлж-ГIаларчу маьждиге рузбан ламазе гIур бу Мисаран футболхой

0
Футболан дуьненан чемпионат йоьдуш Соьлж-ГIалахь дIатарйинчу Мисаран тобанан футболхой рузбан ламаз дан гIур бу Нохчийчоьнан коьрта гIаларчу коьртачу маьждиге. Цунах лаьцна хаам бина РИА Новости агенталло.


Цу хеннахь, Мисаран юкъаралла бахьанаш лоьхуш ю шайн тоба цу чемпионатехь эгIаза ловзуш хиларан, яздо Кавказ.Реалиино.


"Аль-Мысри аль-йоум" газетан авторна хетарехь, коьрта гIалат дара Мисаран футболан тобано чемпионат дIайоьдучу юкъана футболхой Iаш болу меттиг Соьлж-ГIала харжар.


Чемпионат йолаелчхьана мисархой шозза эшна – Уругвайн а, Оьрсийчоьнан а футболхошна.


Мисаран журналисто дийцарехь, Соьлж-ГIала дукха гена ю чемпионатан ловзарш дIахьочу кхечу Оьрсийчуьрчу гIаланашна. Мисаран футболхойн дезаш хуьлу кеманца дукха гена некъ бан. Цундела футболах ловза арабевлча уьш кIадбелла хуьлу.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса