Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июнь
2018

Кенхехь ворхI шо долу кIант хино ваьхьна

0
Нохчийчуьрчу Шарой кIоштарчу Кенхехь шен цIенна гена доццучу хи чу вахна велла 7 шо долу кIант. Махкарчу Талламан комитето билгалдаккхарца, республикехь дахначу кIиранах кхин а кхо бер делира оццу бахьанашца. Бохам зен буьйлабелла талламчаш.


Шен накъосташца цхьаьна хин йистехь ловзучу заманчохь, галваьлла, хи чу воьжнера кIант. Гергахь воккханиг цахиларна, кIелхьара ваккха аьтто ца баьлла иза. Бохам хиллачу меттигна 200 метар генахь карийна кIентан дакъа.


Маршо Радионо яздира, Шелан кIоштарчу БелгIатахь бархI шо долу кIант эвлан йистерчу Iома чохь луьйчуш хи чу вахарх.


Оццу дийнахь цу тайппа бохам хилла Ноьвран кIоштарчу Капустинехь а. 10 а, 11 а шераш долу ши кIант хино ваьхьира.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса