Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июнь
2018

24600 евро тIедожийна Еврокхело Оьрсийчоьнна

0
Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело (ЕСПЧ) 24600 евро компенсаци кхачийна, кхеле хьоьжуш еххачу хеначохь полицин дакъошкахь латтийра шаьш аьлла, арз динчу  13 Оьрсийчоьнан вахархочунна. Кеп-кепарчу регионашкара кхаьчна искаш цхьанатоьхнера Еврокхело.


Билгалдаларца, ворхI сахьтера 72 сахьте бовллалц латтийна арздинарш полицин дакъошкахь, уьш дIалацарх протоколаш а ца хIиттош. Церан маршо хьашарна аьлла, Оьрсийчоьнан Iедалхошна компенсаци тIейожош, сацам тIеэцна кхелахоша.


Уггар лакхара, 3 эзар евро компенсацеш хIиттийна Европан кхело шайга ваьллачу кхаанна. Протоколаш ца хIиттош 72 сахьтал а сов латтийна уьш полицехь.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса