Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июнь
2018

Шемахь леллачу зудчунна бархI шо хан тоьхна

0
Шемарчу даIишхойх дIаийначу шен цIийндена тIаьхьаяхначу Нохчийчуьрчу яхархочунна бархI шо хан тоьхна меттигерчу кхело, амма и хан такха дезар ду цуьнан, шен доьзалхочун 14 шо кхаьчначул тIаьхьа, хаамбо республикерчу прокуратуран векало.


"Кхечу пачхьалкхан дозан тIехь гIаттамхойх дIакхетта хиллачу Соьлжа-ГIаларчу Хаджиева Залинина кху деношкахь Старопромыслан кIоштан кхело набахтехь даккха 8 шо туьйхи. Оцу зудчун кегий бераш хиларца кхел кхочушъяран гIуллакх цхьана ханна дIатеттина, жимахволчу кIентан 14 шо дуззалц", - аьлла, хаамбина "Кавказан узел" агенталле прокуратуран векало.


Кхело даредарца, 2013-чу шарахь Шема дIавахначу шен хIусамден дехарца Туркойчу дехьаелира Хаджиева, цул тIаьхьа Шемахь волчу шен майрчух дIа а кхеташ. Кхелахоша чIагIдарца, Иракъерчу а, Шемарчу а тобанашлахь лаьттина и зуда.


ХIусамда вийначул тIаьхьа, шен кхаа бераца даймахка юхайирзира Хаджиева, дийцина прокуратуран белхахочо.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса