Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июнь
2018

Нохчийчохь кхел йина Клых психиатрин цIийне дехьаваьккхина

0
Психиатрин цIийне дехьаваьккхина Оьрсийчохь набахтехь хан токхуш волу политикан тутмакх Клых Станислав. "Факты" хьостано Iораяьккхина и информаци. Хьалхо Украинан омбудсмено Денисова Людмилас хаийтинера, Клых вочу хьолехь а ву, бозуш боцу я украинхойн, я кхечу пачхьалкхера говзанчаш кхайкха беза цунна тIе аьлла.


Клыхан нанас журналисташка дийцинера, тIаьххьара шен кIантаца хиллачу цхьанакхетарехь цуьнан адвокато тергойина хиларх, могушалла кхи тIе а телхина хиларан. "Тахана Клыхца къамел ца хилира сан, иза психиатрин хIусаме дехьаваккхарна", - аьлла, дIахьедо Клых Тамарас.


Карладоккху, стохка гурахь дуьйнна дихкинера Клыхна деца-ненаца гар. Кху аьхка мацалла кхайкхийра цо. Жаннашца а, дагца а бала хьоьгуш ву шен кIант аьллера нанас.


Клых а, Карпюк Николай а Оьрсийчохь лецира, ткъа 2016-чу шарахь Нохчийчохь тIемаш бина а ву, оьрсийн эскархой байина а ву  аьлла, кхел йира цу шинна тIехь.


Бехкаш шиммо а тIе ца лецира, тIехь латточу Iазапашна тоха са а ца хилла, бехк тIелаьцнера шаьшиимо аьлла, дIахьедар динера шина украинхочо.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса