Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июль
2018

Каримовс дийцина, хьенан ахчанах буьллур бу Нохчийчу аьчка некъ

0
Нохчийчу вало аьчка некъ билла ахча федералан  бюджетера хила а тарло, я кеп-кепарчу корпорацийн, иштта инвесторийн фондийн а аьлла, дийцина РБК-н агенталле мехкан куьйгалхочун пресс-секретаро Каримов Iалвис.


"Дуьненчохь ахча дукха ду. Цу кепара проект цхьана регионе кхочуш ца яло, цундела ахчанаш дала тарло инвесторийн фондаша а, кеп-кепарчу компанеша а. Я масех регионе а кхочушъялур йолуш яц и йоккха федералан проект. Уггар коьртаниг ду –и аьчкан некъ оьшуш хилар хаар", - аьлла Каримовс.


Краснодарера Соьлжа-ГIала валош тIехсихаллин аьчка некъ билла аьлла, дехар дира Оьрсийчоьнан президенте Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. 


Газетано бахарехь, экономикан а, транспортан а министраллашна проект кечъяр тIедиллина Путина. Оцу юкъанна, экспертийн шеконаш ю, аьчганекъан магистраль оьшуш хиларх, экономикехула хьаьжча.


Цара ларарца, 1 триллион сом оьшу и проект кхочушъян, ткъа и дукха ахча ду бюджетна а, пачхьалкхийн компанешна а.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса