Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июль
2018

Солсберина гергахь шина стагна дIовш даьлла, боху полицино

0
Скотланд-Ярдехь талорашна дуьхьалоечу декъан куьйгалхочо Басу Нила динчу дIахьедарца, Британин шина вахархочунна дIовш даьлла Солсбери кIоштарчу Эймсбери гIалахь. Оьрсийчохь тIеман иччархо лаьттинчу Скрипаль Сергейна а, цуьнан йоIана Юлияна а даьллачу дIаьвшах ("Новичок") ду иза, боху Портон-Даунерчу тIеман министраллан лабораторино.


Мангал-беттан 30-чу дийнахь Эймсбери гIаларчу шайн доларчу цIийнехь  зуда а, борша стаг а карийна тиларчуьра даьлла. Хаамийн гIирсаша яьхна церан цIерш – Роули Чарли а (45 шо), Стерджесс Доун а (44 шо).


Скотланд-Ярдна цкъачунна ца го зIе оцу а, СкрипальгIарна а хиллачу бохамашна юкъахь. "Новичок" муха кхетта хила тарло Эймсбери гIаларчу бахархошна, уьш Солсбери гIалахь СкрипальгIарна дIовш тоьхначу меттигашкахула лелла а ца хилча, хаамбина Басу Нила.


"Новичок" кхоьллинчу говзанчех волчу Мирзаянов Вила бахарехь, "керла атака" ю дIаьвшца йинарг – СкрипальгIарна зен диначул тIаьхьа баьллачу беа баттахь Солсбери гIалахь дIаьвшан Iаьнарш ехийла дац.


Лондонна хетарехь, Кремл ю Скрипаль Сергейна дIовш даларна бехке. Доцург кхолларна бехке йо Британи Оьрсийчоьно.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса