Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июль
2018

Нохчийчуьрчу мухIажирийн берашна лерина керла школа ю ГIалгIайчохь схьаелла кечъеш

0
Карара шо чекхдалале Нохчийчуьрчу мухIажиршна лерина 540 бер дIатардан аьтто а беш, школа схьайоьллур ю ГIалгIайчоьнан Яндарехь, хаамбина ТАСС агенталле гIишлошъяран министраллан пресс-секретаро Барахоева Индирас. Меттигерчу юьртдас бахарехь, кхалхархошна Карабулакан йистехь еш ю и доьшийла, хIунда аьлча, оцу кIоштарчу вукху школе лела гена ду берашна,  къаьсттина Iаьнан заманчохь бала хьоьгу цара.


Нохчийчуьра тIебаьхкинчу мухIажиршна аьлла, республикехь 2013-чу шарера 2016-чу шаре кхаччалц дукха петарех лаьтта 17 цIа хьаладина, царех исс цIа Яндарехь, бархI Назранехь ду.


Официалан терахьашца, 1990-чу шерашкахь луларчу республикехь тIемаш буьйлабелча, оцу махкара 3 эзар гергга мухIажир кхечира ГIалгIайчу. ТIемаш бирзинчул тIаьхьа цхьаболучарна ца лиира даймахка юхабаха.


 

Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса