Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июль
2018

Туркойчохь карчам бан гIоьртинчу 72 стагна велла дIаваллалц набахте кхайкхийна

0
Туркойчохь 2016-чу шарахь карчам бан гIоьртинчу хенахь Истанбулехь къепе талхорна бехкевинчу 72 стагна велла дIаваллалц набахтехь такха хенаш йиттина. Босфоран тIай тIехь бехкебечара дакъалаьцна летаршкахь. Царна бехкедуьллу, президента ЭрдогIанан къайлахбертахошна тIаьхьа ма хIитта бохуш, бинчу кхайкхамна тIетайна могIарера бахархой хаа а хууш байар.


2016-чу шеран аьхка пачхьалкхан Iедал хийца гIоьртира Туркойчохь. Шен резиденцера аравала кхиъначу ЭрдогIана кхайкхамбира бахархошка, ара а довлий, бунтахошна дуьхьало латтае аьлла. Оцу бусаЭрдогIанан агIончашлахь а, цуьнан дуьхьалончашлахь а хиллачу тийсадаларшкахь вийра 200 стаг. Царех 43 Истанбулерчу Босфоран тIай тIехь.


Цул тIаьхьа Товбеца-баттахь Iазап лайначийн тIай аьлла, цIе хийцира Босфоран тIайн.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса