Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июль
2018

ББС: Иракъера а, Шемара а Оьрсийчуьра зударий а, бераш а цIадерзоран болх сецна

0
"Исламан пачхьалкх" тобано дIалаьцна латтийначу территорина тIера Шемара а, Иракъера а Оьрсийчуьра зударий а, бераш а цIадерзоран болх, ма дарра аьлча, сецна, хаам бо ББС-но, Нохчийчуьрчу бакъонашларяърхочунна Саратова Хедина тIе а тевжаш.


Цкъачунна цIабарзо аьтто боцуш Иракъехь дуьсуш ду дай-наноша "Исламан пачхьлкхах" дIакхета боьлхуш Оьрсийчуьра дIадигина лаххара а 25 бер. Оьшуш долу кехаташ доллушехь БагIададерчу набахтехь латтош ду уьш.


Иракъера а, Шемара а зударий а, бераш а цIадерзоран болх сецира 2017-чу шеран ГIура-баттахь. Тамашийна хIума ду иза хилла хилар, цу гIуллакхана Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира гIортор йинчул тIаьхьа, яздо ББС-но.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса