"Православин вежарийн гIайгIа беш" стадионашкахь йий дохкарехьа ву Минниханов
Цунах лаьцна ГIезалойчоьнан куьйгалхочо дIахьедар дина пIераскан дийнахь, спортехула йолчу комитетан а, "Россия - 2018" кхеташо вовшахтохаран комитетан а кхеташонехь.
ТАСС агенталло бинчу хаамца, Миннихановс хаам бина футболан дуьненан чемпионат йоьдуш шайн республикехь 89 миллион соьмана йий доьхкира, амма цхьа а проблемаш а ца хилира аьлла.
