Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июль
2018

ПIаьнгазахь ток йоккху станцеш яхкарна дуьхьал бу меттигера бахархой

0
ПIаьнгазарчу бахархоша Дуисехь дуьхьалонан акци дIаяхьна, шайн чIожехь ток йоккху станцеш яхкар сацо гIерташ. Керла гидроэлекторостанцеш яхкаро цигарчу экологина а, юьртабахамна а, туризм кхиарна а зе дийр ду аьлла хета царна.


"Кавказский узело" бинчу хаамца, ПIаьнгазан чIожехь Хадори ГЭС олу хаьлхара станци йиллира Китайн пачхьалкхан Малхбален-Сычуанан компанино 2004 шарахь. Кхин а  3 станци йилла планаш ю Гуьржийчоьнан Iедалан ПIаьнгазахь.  


2005-чу шарахь Ходорерчу станцехь инцидент хиллера, меттигерчу нохчаша дакъа а лоцуш. Шайна ток оьшучу барамехь ц ало аьлла, станцино го а бина, митинг дIахIоттийра бахархоша. ГIароллехь болчара, ирх герз а детташ, совцийнера уьш.


Гуьржийчохь кхин а масех станци ю бахархой дуьхьал а болуш йилла лерина. Иштта, кхушеран Оханан-бутт болалуш Сванетехь Местиа-Чала боьду некъ къевлинера меттигерчу масийтта эвларчу бахархоша.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса