Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июль
2018

Да веллачу тезета ца вахийтина Хазбиев кхелахоша

0
Лаьцна латтош волу оппозиционер Хазбиев Мохьмад, да кхелхинчу тезета вахийта дуьхьало йина кхелахочо, иза къайлавала кхерам бу аьлла, хаамбо цуьнан адвокато. Кху Iай Нохчийчуьра ГIалгIайчу юхавеача дIалецира Хазбиев Мохьмад. Цунна бехкедиллина герз лелор а, Iедалан векалш сийсазбар а. Стигалкъекъа-баттахь Хазбиев кхи тIе бехкевира социалан группашкахь мостагIалла, цабезам гIатторна. Ша ледарчу хьелашкахь латтош ву, я бехке а вац ша хIуманна аьлла, мацалла а кхайкхийра чохь латточу Хазбиевс бIаьста.


Шинаридийнахь Магасерчу цуьнан довхоттучу кхеле веанера 30 гергга стаг. Веллачу дех кадамаш бора цуьнга.


Масех дIахьедар дира оппозиционеран адвокато, къаьсттина дехар дира да кхалхар тидаме а эций, тезетахь хила Хазбиев цIавахийтар. Кхелахочо жоп доцуш дитира дехар, Хазбиев маьршаваккхахь, шайх къайлавала тарло аьлла.


КарабогIучу беттан 1-чу дийнахь хир ю рогIера кхелахойн кхеташо.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса