Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июль
2018

Нохчийчуьрчу тIамна дуьхьал лаьттина яздархо велла

0
85 шаре ваьлла яздархо Войнович Владимир велла аьлла, фейсбукерчу шен агIон тIехь яздина журналисто Давыдов Виктора. Цо чIагIдарехь, даге лазар иккхина кхелхина иза.


1932-чу шарахь Душанбехь вина вара Войнович Владимир.


Нохчийчуьрчу тIамна ша дуьхьал хилар хоуьйтуш кехатна куьгяздинера цо 2003-чу шарахь, ткъа 2015-чу шарахь Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире кхайкхамбира, Украинан эскархо Савченко Надежда дIахецар доьхуш.


Кху шеран Стигалкъекъа-баттахь кхечу културин гIуллакххошца цхьана Петарбухахь йоьдучу форумехь кхайкхамбира набахтехь мацалла кхайкхина украинхойн режиссер Сенцов Олег дIахеца аьлла.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса