Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июль
2018

Белградехь вийна адвокат Огнянович

0
Белградехь шоьтадийнахь вийна адвокат Огнянович Драголов Миша. Керлачу Белградерчу шен хIусам чу воьдучу заманчохь вер нисделла иза. "Блиц" газетано хааме даккхарца, йинчу кIелонехь ишта куьг лазийна адвокатан 26 шо долчу кIентан.


Гаагерчу трибуналехь Югославин хиллачу президентан Милошевич Слободанан адвокатийн тобанехь болх беш вара иза. Сербин зорбанаша яздарехь, Сербехь а, Черногорехь а къиза зуламаш лелийнарш Iалашбеш а вара и адвокат.

Криминалан авторитетан Бойович Лукан адвокат хIоьттинера иза тIаьххьарчу хенахь.


"Блиц" хьостано Iорадаккхарца, тIаьххьарчу масех баттахь Белградехь вийна Бойовичан масех доттагI. Наркотикаш лелочу криминалан тобанийн тIамца доьзна ду и, газетан хаамашца.

 



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса