Ши миллиард тонн ялта хIаллакхилла Нохчийчохь
Хилла зен меттахIоттош Кремло гIо кхачор ду аьлла догйовха бу мехкан Iедалхой. Оьрсийчоьнан юьртабахаман министралло 1,318 миллиард сом компенсаци дIакхачо тIелаьцна. Дисинчу ахчан документаш федералан урхаллехь талламах чекхдохуш ду.
Мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана социалан машанарчу шен агIон тIехь билгалдаккхарца, республикехь хIинцале а чудерзийна 310 эзар тонн ялта.
