Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Август
2018

Дудаевн гергара стаг аравоккхуш ву Австрин Iедалша

0
Австрин миграцин сервис шайн махкара араваккха дагахь ю Дудаев ЖовхIаран юххера герагара стаг 22 шо долу Таипов Малик. Цунах лаьцна хаам бина ше фейсбукерчу агIонехь Нохчийчоьнан хьалхарxe президентах йисинчу Дудаева Аллас.


Цо билгалдаккхарехь, Таипов Австрехь веха масийтта шо ду. МухIажиран тховкIело яларе ладоьгIуш, немцойн мотт а Iамийна, универститете деша ваха кечлуш хилла иза.


Дудаевас дийцарехь, Нохчийчоьнан хиллачу президентан дийна бисина берриг а аьлча санна гергарнаш махках бевлла, республикехь шолгIа тIом баьллачул тIаьхьа.


Оьрсийчохь Таипов, дIа а лаьцна, чуволла кхерам бу, боху Дудаева Аллас.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса